Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. Малх чубуьзначул тІаьхьа чІогІа бода хІоьттира. ЦІеххьана шена чуьра кІур хьалаоьху кад а, цІеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гІалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, Адам-гІала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.
Выбор основного перевода