Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира. Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву!
Выбор основного перевода