Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира. Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чІагІонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь.
Выбор основного перевода