Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. ТІаккха Веза Эла со вен гІерташ болчу Іанатот-гІаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цІарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». Оцу меттехь Аса ЯхІуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагІийн туьре хІаллакбойтур бу, уьш байъа гІерташ болчеран кара Аса уьш дІалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дІахІуттур ду. хьан са лоьхуш болчеран кара а дІалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дІалур ву.
Выбор основного перевода