Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дІалур бу, и эскар хІинца шуьца тІом беш долчуьра юхадаьллехь а. Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира. Ткъа Везачу Эло боху: «ХІун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХІун де те хьуна, ЯхІудан халкъ? Шун безам Іуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дІадолу тхи санна а ма бу.
Выбор основного перевода