Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан. шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха. Цул тІаьхьа Сан цІе лелош долчу цІийнан керта тІе а догІий, Суна хьалха дІахІуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хІуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? Сан цІе лелош долу хІара цІа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дІахІоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш.
Выбор основного перевода