Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. ТІаккха Ярми-ЯхІус элира: «Хашадхойн тІемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхІудхошка дІалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогІахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву.
Выбор основного перевода