Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. Ашурхойн паччахь Лахиш-гІалара дІавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дІавахара. Цунна шен паччахь Либна-гІалина дуьхьал тІом беш карийра. Адорайм а, Лахиш а, Іазекхи а, Лахиш-гІалин бахархой, чехка говраш дІайожа гІудалкхана (Лахиш – цуьнан маьІна «гІудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хІунда аьлча шуна тІера дІадоладелла Исраилан халкъан зуламаш.
Выбор основного перевода