Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъана тІе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тІедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. «Нагахь санна шун Іебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза.
Выбор основного перевода