Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа тхов тІехь нисвелларг, цу тІера охьавоьссича, цІа чу ма воьдийла, шен цхьа хІума схьаоьцур яра аьлла. «Со Яппи-гІалахь доІанаш деш вара, – дуьйцура цо, – шовкъ еанчу суна сурт хІоьттира. Еа маьІІера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хІума гира суна. Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а. Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гІаттий, яйа а яйий, яа уьш“, – аьлла. Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хІума йиъна яц аса“, – аьлла. Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“. Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира. Оццу хенахь со волчу цІенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гІалара бахкийтина бара. Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дІагІо элира соьга. ХІара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цІа чу дахара. Цу стага дийцира, цІа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гІала ШамІе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу. Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу“.
Выбор основного перевода