Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И шайна хезча, тІера хІуманаш а этІош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахІала а: «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
Выбор основного перевода