Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
стеган багахула чудоьдуш долчу хІумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен». Адамна чу яханчу цхьанна а хІумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хІумано бехвийр ву иза». ХІунда аьлча и тІеоьцу хІума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тІаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хІума ерриге а Далла гергахь цІена хилар хаийтира Іийсас.) Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. Веза Эла волчу Іийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. ХІунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргІатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Выбор основного перевода