Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Іийса Галилай-махка юхавирзира. Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла. Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг: «Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хІорда тІекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай! Боданехь Іийначу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира!» Цу хенахь дуьйна схьа Іийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохуш.
Выбор основного перевода