Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, «Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш». Исраилхой, ладогІалаш соьга: Назартара Іийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХІунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.
Выбор основного перевода