Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Шен дашца дарба а дира царна, хІаллакьхиларх кІелхьар а бехира уьш. Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дІакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІу! ЯхІудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваІданаш а кхочушде. ХІинца чул тІаьхьа Іесанаш хьан махка кхин чугІертар бац, уьш кхоччуш хІаллакбина дела. Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта.
Выбор основного перевода