Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хІокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тІаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦІеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хІоьттира. „Корнил, – элира цо, – Дала хьан доІанашна а, мискачарна деллачу сагІанашна а жоп делла. Кипа олучу ШамІе кхайкха нах бахийта. Иза хІорда йистехь Іаш волчу цІоканашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь ву хьуна“. Ас цу сохьта хьуна тІаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХІинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тІедиллинчуьнга ладогІархьама». Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю». Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дІа а яха. ТІаккха хьан беркате хилар дахдала мега“. Іийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тІевеара римхойн тІемалойн хьаькам. Цо гІо дийхира Іийсага: Цигахь цхьа римхойн эскарера тІемалойн хьаькам вара Іаш. Оцу хьаькаман цунна чІогІа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Іуьллуш вара. Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цІа а дина», – аьлла. Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цІена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цІа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогІархьама». Цо массо а къомах болу нах тІеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тІаьхьа ПахІал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цІе йолчу тІеман хьаькаме дІабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цІарахчу эскаран декъан эпсар вара. ШолгІачу дийнахь тхо ЦІадан-гІалахь охьадевлира кеманна тІера. Юлай ПахІале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тІехь гІо дийр долу накъостий болчу ваха.
Выбор основного перевода