Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийонехь Іаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». «Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.
Выбор основного перевода