Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела Іийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Іийсага. ТІаккха Іийса шина денна цаьрца сецира. Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Іийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира. Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода