Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду. Искархо а воцуш, кхечу ЯхІуда элира Іийсага: «Веза Эла! И хІун ду? Хьо тхуна хІунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?» Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох». Іийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хІума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза.
Выбор основного перевода