Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамранхочо Іийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хІунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.) Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. ТІаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хІума хьарам ма хета». Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегІан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала йинчу чІагІонийн декъахой а бу уьш.
Выбор основного перевода