Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цІарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тІеэцнарш а), Крит-гІайренан бахархой а, Іаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна дуьйцуш!» ПахІала тІе куьйгаш а дехкина, царна тІе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хІиттира.
Выбор основного перевода