Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхесрин-гІалахь Іаш вара Корнил цІе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара. Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагІа а лора, гуттар а Деле доІанаш а дора. Цкъа цхьана дийнахь делкъал тІаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хІоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХІара волчу а деана, малико элира: «Корнил!» Кхеравелла, цуьнга дІахьаьжира Корнил. «ХІун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доІанашна а, сагІанашна а Дала жоп делла. Яппи-гІала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамІе схьакхайкха. ЦІокарчашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь, хІорда йистехь сецна хьуна иза». Шеца къамел дина малик дІадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тІемалочуьнга а схьакхайкхира. Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гІала бахийтира цо. Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТІехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чІогІа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цІе а ца яьккхира. Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. Уьш къубба чу бевлча, аьтту агІор хиъна, кІайн духар а долуш, кІант гира царна. Уьш чІогІа Іадийнера. Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хІоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш.
Выбор основного перевода