Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цІеран алунех Хьайн ялхой бо. Шина пайхамарна стигалара чІогІа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТІаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагІий цаьрга хьоьжуш бара.
Выбор основного перевода