Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неІалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цІарах иштта чІагІо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таІзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кІенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а. Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІа а хІоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира. Ткъа хІинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“
Выбор основного перевода