Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Иза хезча, Эли-ЯхІус тІехула юхучу шен бедарца юьхь дІахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хІоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхІу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хІун деш ву кхузахь, Эли-ЯхІу?» – аьлла. Цигара дІавахача, Шаптин кІант ЭлишаІ латта охуш карийра Эли-ЯхІуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгІачу шуьстана уллохь вогІуш вара иза. Ша ЭлишаІана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхІус шен тІехулара бедар цунна тІе кхоьссира. И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаІа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХІаъ, мичахь ву Эли-ЯхІун и Дела?» ЭлишаІа Эли-ЯхІун бедар хи чу тоьхча, хи дІаса а декъаделла, ЭлишаІ дехьавелира.
Выбор основного перевода