Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. ТІаккха, шен тІехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхІус. Хи дІасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира.
Выбор основного перевода