Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дІавигна дела. Тешар хиларна, валар хІун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХІанох: «...иза ца карийра, Дала иза дІаэцна дела». ХІанох дІаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша. Цигара дІавахача, Шаптин кІант ЭлишаІ латта охуш карийра Эли-ЯхІуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгІачу шуьстана уллохь вогІуш вара иза. Ша ЭлишаІана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхІус шен тІехулара бедар цунна тІе кхоьссира. Шен стерчий а дитина, ЭлишаІа, ведда Эли-ЯхІуна тІе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Іодика а йина, схьаваийтахьа со, тІаккха со хьоьца дІавогІур вара». Эли-ЯхІус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!» Эли-ЯхІу волчуьра дІа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цІе латийра цо, цу тІехь стерчийн жижиг даттархьама. ТІаккха и жижиг нахана дІасадийкъира ЭлишаІа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаІ, Эли-ЯхІуна тІаьхьа а хІоьттина, цунна гІуллакх а деш, цуьнца вахара.
Выбор основного перевода