Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. Ерихон-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаІа. Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тІаьхьа а ваьлла, геннахь дІахІоьттира. Ткъа Эли-ЯхІу а, ЭлишаІ а, Йордан-хина тІе а кхаьчна, цигахь дІахІоьттира. Ерихон-гІаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогІу ЭлишаІ. Цара элира: «Эли-ЯхІун са ЭлишаІана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьІира. Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». Махкахь мацалла хІоьттича, ЭлишаІ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Боккха яй тІе а биллий, яа хІума кечъе пайхамарийн тобанна».
Выбор основного перевода