Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь ЮшаІа, чІагІо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гІала юхаметтахІоттийнарг. Кху гІалин бух боьттинчун хьалхара кІант лийр ву. ГІалин ков дІахІоттийнарг жимах волчу кІантах вер ву». Ахьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гІаларчу Хьиала Ерихон-гІала юхаметтахІоттийра. Хьиала оцу гІалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кІант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гІалин ков дІахІоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кІант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кІант волчу ЮшаІехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара. Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара
Выбор основного перевода