Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НуІмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тІе а, шен деланашна тІе а. Хьайн кхинна тІаьххье дІагІо хьо а». Амма Рутис жоп делира: «Ма гІертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гІур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву. Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хІоккхуза дІа а хІоьттина, Везачу Эле доьхуш доІа деш хилларг со хилар. Эли-ЯхІу волчуьра дІа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цІе латийра цо, цу тІехь стерчийн жижиг даттархьама. ТІаккха и жижиг нахана дІасадийкъира ЭлишаІа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаІ, Эли-ЯхІуна тІаьхьа а хІоьттина, цунна гІуллакх а деш, цуьнца вахара. Амма кІентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, хьо воцуш со дІагІург ца хиларх!» ТІаккха ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, цунна тІаьххье дІавахара.
Выбор основного перевода