Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерихон-гІаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогІу ЭлишаІ. Цара элира: «Эли-ЯхІун са ЭлишаІана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьІира. Цара ЭлишаІе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тІехь я тогІи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаІа.
Выбор основного перевода