Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь тІорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий». ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц. Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».
Выбор основного перевода