Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».
Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тІаьхьа а ваьлла, геннахь дІахІоьттира. Ткъа Эли-ЯхІу а, ЭлишаІ а, Йордан-хина тІе а кхаьчна, цигахь дІахІоьттира.