Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нимшайн кІант волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалІад-махкара Рамат-гІала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах. Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраІал-гІала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь.) ЯхІус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраІал-гІала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гІалара ара ма валийта». ЯхІу, гІудалкх тІе а хІоьттина, ИзраІал-гІала вахара, хІунда аьлча Йорам цигахь хІинца а цомгуш волуш Іуьллуш вара. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа. ИзраІал-гІалин бІов тІехь лаьтташ гІарол вара. Цунна ЯхІуца йогІу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогІу цхьа арданг го суна», – аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догІий шу?“» ТІаккха цхьа бере, дин тІе а хиъна, ЯхІуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогІий те хьо“?» ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо». ГІароло хаам бира: «Бере царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла. ТІаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тІе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догІий те?“» ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо». ГІароло хаам бира: «Иза а царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кІентан ЯхІун боларх тера ду, хІунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гІудалкх». Йорама элира: «ГІудалкх дІайожа!» Цуьнан гІудалкх дІаюьйжира. ТІаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а шайн гІудалкхаш тІехь ЯхІуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхІуна дуьхьалвахара, израІалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус. Куьйгашца гІудалкх юха а ерзош, говраш дІа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхІу! Вайна ямартло йина!» Ткъа ЯхІус, шен куьйга Іад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гІудалкх чу охьавуьйжира. ТІаккха ЯхІус шозлагІа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кІентийн кортош тІера а дахий, кхана хІоккху хенахь со волчу ИзраІал-гІала схьадуьйла». Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кІант вара. Церан дола а деш, царна тІехьожуш гІалара тоьлла хьолахой бара.
Выбор основного перевода