Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Иштта гунаш тІехь Везачу Элан а, харцделанийн а цІенош догІийтира ЯрбаІама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дІахІиттийра цо, уьш Левин тІаьхьенах боццушехь. ЯрбаІам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».
Выбор основного перевода