Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЯхІурам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІураман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз-ЯхІу. Йорам-паччахь тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама. ЯхІу, гІудалкх тІе а хІоьттина, ИзраІал-гІала вахара, хІунда аьлча Йорам цигахь хІинца а цомгуш волуш Іуьллуш вара. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа. Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман. Ша Ахьабан цІенна кхел ечу хенахь ЯхІуна яхІудхойн элий а, Ахьаз-ЯхІун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхІуна хьалхара гІуллакхаш деш бара. ЯхІус уьш байира.
Выбор основного перевода