Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тІаме ваханера. ТІаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тІе стаг валийра. Цо элира: „ХІара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дІаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дІахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».
Выбор основного перевода