Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. ТІаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тІаьхьа динан дас ЯхІу-ЯдаІа Везачу Элан цІенна ха дан нах дІахІиттийра.
Выбор основного перевода