Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІу-Ахьаз. ЯхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз. Цо вуьрхІитта шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. ЯхІудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира. ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІанта Амци-ЯхІус паччахьалла до пхийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЮшаІан кІант ЯрбаІам. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІаман кІант Закри-ЯхІу. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. Иштта Везачу Эло ЯхІуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тІаьхьенах доьалгІачу гаранна тІекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.
Выбор основного перевода