Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьазиалан туьрах веддарг ЯхІус воьйтур ву. Ткъа ЯхІун туьрах кІелхьарваьлларг ЭлишаІ-пайхамаро хІаллаквийр ву. Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. ТІом болчу хенахь Хьазиала масех гІала схьаяьккхинера ЯхІуашан дегара ЯхІу-Ахьазера, амма ЯхІуаша и гІаланаш юхаехира Хьазиалан кІантера Бен-Хьадидера. ЯхІуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тІехь, исраилхойн гІаланаш юха а йохуш.
Выбор основного перевода