Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГадІанан кхузткъе итт кІант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. Іумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. Иза массо а хІуманна тІехь НабатІан кІант ЯрбаІам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. Іумари-паччахьо динчу кхидолчу хІуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гІуллакхех а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Іумари, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. Цуьнан кІант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхІитталгІа шо дара, Іумарин кІант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттича. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Іумарин кІанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тІехь олалла дира. Изабала Ахьабан цІарах кехаташ яздира. ТІаккха цуьнан мухІарца уьш чІагІ а дина, Набути вехачу гІалахь болчу къаношка а, цІеяхана болчу нахе а дІахаийтира.
Выбор основного перевода