Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хІара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цІийнах боллуш болу бІогІам схьа а баьккхина, иза цу бІогІамана тІевогІа. И зулам бахьана долуш цуьнан цІенойх саьлнаш ян еза. Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чІагІо йина, нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цІенойх саьлнаш йита а. Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Іабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цІа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кІелхьарваккхалур воцу дела».
Выбор основного перевода