Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода