Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абу-Малика, Іапру-юьртахь долчу шен ден цІа а вахана, Яруб-БаІалан (ГадІанан) кхузткъе итт кІант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаІалан уггар жимах волу кІант Йовтам дийна висира, иза дІалечкъина хилар бахьана долуш. БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кІантана Тибанина тІаьхьахІоьттира, иза паччахь хІотто дагахь, ткъа вуьш Іумарина тІаьхьахІиттира. Иштта боху Везачу Эло: „ХІинца Аса хала баланаш тІебохкуьйтур бу хьуна, хьан тІаьхьенах волу массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллак а вийр ву. Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван.
Выбор основного перевода