Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагІа доккху меттиг а кечйина, АхІарона дІахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». ШолгІачу дийнахь, хьалххе хьала а гІевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
Выбор основного перевода