Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
иштта ЯІабац-гІалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирІатхой, шимІатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тІаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да. Цара массара а дош делира шайн зударех дІакъаста. Цул тІаьхьа цара хІорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагІ гІуда такхаран сагІа санна бахьара. Амма цара элира: «Оха чагІар ца молу, хІунда аьлча Рахбин кІант а, тхан дайн да а волчу ЯхІу-Надаба тхуна тІедиллина: „ЧагІар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а. ЦІенош а ма де, хІу дІа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Іе. ТІаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тІехь“, – аьлла. Оха ладуьйгІира тхан да а, Рахбин кІант а волчу ЯхІу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кІенташа а, йоІарша а цкъа а чагІар ца молу. Оха иштта тхайна чохь Іан цІенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тІехь йолуш хІума а яц тхан. Тхо хІинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хІуманна тІехь тхан да волчу ЯхІу-Надаба тІедиллинарг кхочушдина оха. Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тІе гІоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дІагІо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кІелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду». Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІуга хаам кхечира Везачу Элера: «Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гІой, Соьгара хаам ЯхІуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дІабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогІа деза хІокху масалх Іама шуна ца лаьа те? – боху Везачу Эло. – Рахбин кІанта ЯхІу-Надаба шен тІаьхьенна, чагІар ма мала аьлла, тІедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогІуш ду. Уьш таханлера де тІекхаччалц чагІар ца молуш схьабогІуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Іаш ву, амма аша Соьга ла ца дугІу. Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура. Рахбин кІентан ЯхІу-Надабан тІаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хІокху къомо Соьга ла ца доьгІна’. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхІудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хІунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгІна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“». Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхІус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхІу-Надабе аша ладугІура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хІуманна тІехь цо ма-аллара шу лелара. И хІума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кІант волчу ЯхІу-Надабан тІаьхьенах гуттаренна а Суна гІуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».
Выбор основного перевода