Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Уггар а езачу хІуманашна тІебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хІара дан деза: АхІарона а, цуьнан кІенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хІора кхахІатхо шен гІуллакх дечу метте дІа а хІоттош, цара дІаяхьа еза хІума гайта еза царна. Амма кхахІатхой, езачу хІуманашка хьажархьама, ур-атталла бІаьрганегІар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама». Уьш Кидунан хьаьтта дІакхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. Цул тІаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тІорказ, хІунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тІорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гІуллакх дайта а».
Выбор основного перевода