Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала (и ю Кхиръят-ЯІарим-гІала) дахара, Делан тІорказ цигара схьадан. (Цу тІорказца йоьзна ю Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг.) Иштта Делан тІорказ, керлачу ворданна тІе а диллина, Абинадабан цІера дІадаьхьира. Іузий, Ахьъюй и ворда лелош вара. Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора. Уьш Кидунан хьаьтта дІакхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Везачу Эло Іуза вийра, цо, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира. ТІаккха Дауд чІогІа оьгІазвахара, Везачу Эло Іузина тохар бахьана долуш. И меттиг хІинца а «Парас Іуза» олуш ю (иза «Іузина тохар» бохург ду). Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дІахьур ду аса Делан тІорказ?» Иштта, и тІорказ ша волчу, Даудан гІала, дІа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Іабади-Эдоман цІа дІадаьхьира. Кхаа баттахь лаьттира Делан тІорказ Іабади-Эдоман цІахь. Іабади-Эдоман цІа а, цуьнан мел йолу хІума а Везачу Эло декъалйира.
Выбор основного перевода