Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда пІелаштамхо эша а вина, эскархой цІа богІучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гІаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргІанаш а, дечиг-пондарш а дара. Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш». Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора. Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цІа чу валар. Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца. Хастамаш бе Цунна жиргІанашца а, хелхаршца а, хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а. Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тІедетташ долчу негІаршца, хастамаш бе Цунна зевнечу цІастанан негІаршца.
Выбор основного перевода