Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІе тІулгаш кхисса деза. ТІевеана стаг я махкахо Везачу Элан цІе емалъеш велахь, иза вен веза. Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дІабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тІорказ, хьалха а даьккхина, дІахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама. Шаьш тІорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГІаттахьа, Веза Эла! ХІаллакьхуьлда Хьан мостагІий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!» Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тІедоьрзуш дара, ткъа цигара Іепрон-лома тІерачу гІаланаш тІе доьдура. Юха БаІала-гІалина тІедоьрзура иза (тахана цу гІалин цІе Кхиръят-ЯІарим ю). Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Іинна тІе кхаччалц, Кхиръят-ЯІаримера Делан тІорказ схьадархьама. Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала (и ю Кхиръят-ЯІарим-гІала) дахара, Делан тІорказ цигара схьадан. (Цу тІорказца йоьзна ю Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг.) Делан бертан тІорказ Кхиръят-ЯІарим-гІалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина.
Выбор основного перевода